Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10
Параллельные места
Церан мехкарий хьайн кІенташна ма балабе, Везачу Элера дІа а бирзина, шайн деланашна тІаьхьахІиттар цу мехкаршка хьайн кІенташна ца Іамадайта. Гергарлонаш а ма тийсалаш цаьрца. Шайн йоІарий церан кІенташка а ма бахийталаш, церан йоІарий шайн кІенташна а ма балабелаш. Хьайн Везачу Делан деза халкъ ду хьо. Хьан Везачу Дала хьо хаьржина, хьох Шен долахь долу халкъ дархьама, дуьнен чохь мел долчу халкъашна юкъара схьа а хаьржина дина долу. Церан зудабераш шайна маре а далош, шайн зудабераш церан кІенташка маре дІа а дохуьйтуш, церан деланашна гІуллакх а деш, Іаш хилла уьш. ТІаккха Іейламан тІаьхьенах волчу Яхьиалан кІанта Шихан-ЯхІус Іезаре элира: «Тхо тхайн Далла тешаме ца хилла, тхайна гонах дехаш долчу къаьмнийн зудабераш тхайна маре а дуьгуш. Оха и хІума лелийнехь а, Исраилан халкъан кхин а сатуьйсийла йисина. Хьайн лай болчу пайхамаршкахула Ахьа тхоьга дина весеташ дара. Ахьа тхоьга элира: „Шун дола даккхархьама шу дІадоьлхуш долу латта – иза шена чохь Іаш долчу къаьмнаша лелийна дегазачу гІуллакхаша талхийна латта ду. Дегаза хІуманаш а лелош, церан боьхачу гІуллакхашца оцу адамаша и латта дуьзнера цхьана йистера дуьйна вукху йисте кхаччалц. Цундела шайн кІенташка церан зудабераш маре ма даладайта, шайн зудабераш цаьрга маре дІа а ма дигийта. Цу нахах дІа ма кхета! Машар я диканиг цаьрца цкъа а ма леха. Шу иштта лелахь, онда хир ду шу, лаьтто кхиийна мел дерг аша дуур ду, хІара латта гуттаренна шун берийн дола долуьйтур ду“. Оха чІагІо йо тхайн зудабераш кхечу къаьмнех болчу нахе маре ца дахийта а, церан зудабераш тхайн кІенташка схьа ца даладайта а. Цу деношкахь суна иштта гира, яхІудхоша шайна ашдодхойх а, Іамминхойх а, муабахойх а болу зударий балийна хилар. Ткъа хІинца тхуна хезаш ду, шу а и тайпана доккха зуламаш лелош ду бохуш. Хийрачу къаьмнех болу зударий шайна балорна, шу Далла тешаме ма дац!“ Мелхо а, уьш кхечу къаьмнех болчу нахах дІакхийтира, царна юкъахь лелаш долу гІиллакхаш а шайна Іамийра. Шегахь оьздангалла йолчу цхьаммо а и саннарг ца лелийна, хІунда аьлча Делан халкъана юкъахь хиндолу бераш хІоранна а хила ма лаьа. Цундела лар а лолаш, цхьаммо а ямартлонаш а ма лелаелаш шен къоналлехь хиллачу зудчунна дуьхьал. Іийсах тешар доцучаьрца цхьана дукъа кІел ма лелийша. ХІун юкъаметтиг ю те бакъдолчунна а, харцдолчунна а юкъахь? ХІун уьйр ю те серлонна а, боданна а юкъахь?
Выбор основного перевода