Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10
Параллельные места
Оцу гІуллакхашца шаьш Далла хьалха боьха ма хилийталаш. Шу долчуьра Ас дІалохкучу халкъаша цу хІуманашца шаьш бехдина. Ур-атталла уьш тІехь Іаш долу лаьтта а боьха хилира. Цуьнан къинош бахьана долуш Ас таІзар до оцу лаьттана, цо шена тІера и нах дІаІеттор бу. Ткъа аша Сан парзаш а, Ас тІедиллинарг а ларде, исраилхочо а, шуна юкъахь тІевеана Іаш волчо а и дегаза хІуманаш ма леладе. (Шул хьалха оцу лаьтта тІехь баьхначу наха лелийна и дегаза гІуллакхаш, цара бехдина и латта.) Цара санна, аш и латта бехдахь, цо шена тІера дІаІеттор ду шу, шул хьалха цигахь Іийна халкъаш санна. Нагахь цхьаммо и дегаза гІуллакхаш леладахь, иза шен халкъана юкъара эккхор ву. Аса тІедуьллург ларде: шайл хьалха хиллачара лелийначу дегазчу гІиллакхех цхьа а кхочуш ма де, цаьрца шаьш бех ма де. Со шун Веза Дела ву“». «Шайн дола даккха шу тІедоьлхучу лаьтта тІе шун Везачу Дала шу чудигча, Цо шуна хьалхара дуккха а къаьмнаш дІалохкур ду – хьетахой, гІиргІашахой, эмархой, канаІанхой, перезахой, хьаьвихой, явсайхой. И ворхІ къам шул дукха а, ницкъ болуш а ду. Йийсарера юхадирзинчу массо а Исраилан халкъо и Пасахьан кхача биира. Исраилан халкъан Везачу Далла Іибадат дан кхечу къаьмнаша лелош долчу хьарамчу хІуманех шаьш дІакъастийначара а йоура Пасахьан юург. «Адаман кІант! Исраилан халкъо, шен лаьтта тІехь ша дехачу хенахь, и латта шен вон леларца бехдора. Церан лелар зудчун ламаз доьхначу хенахь боьха хиларх тера дара.
Выбор основного перевода