Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10
Параллельные места
Везачу Эло канаІанхойн а, хьетахойн а, эмархойн а, хьаьвихойн а, явсайхойн а лаьтта тІе дуьгур ду шу. Шуьрех а, мазах а дуьзна токхе и латта шун дайшна лур ду аьлла, чІагІо йинера Везачу Эло. Цундела кху баттахь хІара гІуллакхаш де. Оцу гІуллакхашца шаьш Далла хьалха боьха ма хилийталаш. Шу долчуьра Ас дІалохкучу халкъаша цу хІуманашца шаьш бехдина. Ур-атталла уьш тІехь Іаш долу лаьтта а боьха хилира. Цуьнан къинош бахьана долуш Ас таІзар до оцу лаьттана, цо шена тІера и нах дІаІеттор бу. Ткъа аша Сан парзаш а, Ас тІедиллинарг а ларде, исраилхочо а, шуна юкъахь тІевеана Іаш волчо а и дегаза хІуманаш ма леладе. (Шул хьалха оцу лаьтта тІехь баьхначу наха лелийна и дегаза гІуллакхаш, цара бехдина и латта.) Цара санна, аш и латта бехдахь, цо шена тІера дІаІеттор ду шу, шул хьалха цигахь Іийна халкъаш санна. Нагахь цхьаммо и дегаза гІуллакхаш леладахь, иза шен халкъана юкъара эккхор ву. Аса тІедуьллург ларде: шайл хьалха хиллачара лелийначу дегазчу гІиллакхех цхьа а кхочуш ма де, цаьрца шаьш бех ма де. Со шун Веза Дела ву“». ларлолаш речІанна чу нисдаларх. Уьш шайн хьалхара хІаллакдина дІадаьхча, царна тІаьхьа шу ма довлалаш, церан деланаш леха ма долалолаш, ма бахалаш вовшашка: „ХІокху халкъаша шайн деланашна гІуллакх ма-дарра, оха а дийр ду“. Шайн деланашна цара Іамал ечу кепара шайн Везачу Далла Іамал ма елаш, хІунда аьлча цара шайн деланашна мел дийриг Везачу Элана дегаза хетарг а, ца дезарг а ду. Цара ур-атталла шайн кІентий а, шайн йоІарий а, шайн деланашна лоруш, цІергахь багабо. Йийсарера юхадирзинчу массо а Исраилан халкъо и Пасахьан кхача биира. Исраилан халкъан Везачу Далла Іибадат дан кхечу къаьмнаша лелош долчу хьарамчу хІуманех шаьш дІакъастийначара а йоура Пасахьан юург. Кхечу къаьмнех болчарах схьакъаьстинера исраилхой. Шайн меттигашкахь а лаьтташ, шаьш летийначу къиношна а, шайн дайша динчу зуламашна а мукІарло дора цара.
Выбор основного перевода