Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10
Параллельные места
Ткъа РахьбуІама ЯхІуд-мехкан гІаланашкахь Іаш болчу исраилхошна тІехь паччахьалла дира. ТІаккха, йийсарера юхабирзинчара леладо хьарам гІуллакхаш бахьана долуш, Исраилан Дала аьллачунна вегош мел волу стаг со волчу схьагулвелира. ЧІогІа гІайгІане волу со суьйранна сагІа доккху хан тІекхаччалц Іийра. Ткъа хІинца тхоьга тхан Далла хьалха барт байтахьара ахьа, хІара зударий а, цара дина долу бераш а оха дІадохуьйтур ду аьлла. Сан эла волчу ахьа а, иштта Далла хьалха ларамах буьзна болчу наха а хьоьхуш дерг оха тІелоцур дара, товрат-хьехамашца тхо лелар а дара.
Выбор основного перевода