Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10
Параллельные места
«Везачу Элана суждане а вахана, хьалха санна шовзткъа де-буьйса даьккхира ас. Со юуш а, молуш а вацара, аша летийна къинош бахьана долуш. Уьш а летийна, шайн Везачу Далла хьалха вон а дина аша, Иза оьгІаз а вахийтина аша. „Нагахь санна тхуна тІе цхьа бохам хІоттахь: хуьлийла иза я таІзар деш долу тур, я цамгарийн ун, я мацалла, тІаккха тхо хІокху цІенна хьалха Хьуна хьалха дІахІуьттур ду, хІунда аьлча Хьан цІе кху цІа чохь ю. Тхо гаттаделла хьаьвзича, Хьоьга кхойкхур ду. Ткъа Ахьа, тхо дІа а хезна, кІелхьардохур ду“. И хІума сайна хезча, со, охьа а хиъна, вилхира. Масийтта дийнахь тийжа а тийжаш, марха а кхобуш, стигаларчу Далла хьалха доІанаш дора аса. ТІаккха сайн доІанехь аса дийхира: «Ва Веза Эла, стигалийн Дела, сийлахь а, нах ларамах бузуьйтуш а волу Дела. Хьайн весеташ кхочушдеш болчаьрца Айхьа бина барт ларбо Ахь! Хьо везаш волчарна Хьайн хедар боцу безам а ма гойту Ахь! Хьан лергаш ладугІуш хуьлийла, Хьан бІаьргаш схьабиллина хуьлийла дийнахь а, буса а, Хьайна хьалха Хьан лай долу Исраилан халкъ доьхуш доІа деш волчу Хьайн лай волчу сан доІа дІахазахьа. Исраилхой долчу оха, со а, сан ден доьзал а цу чу а богІуш, Хьуна дуьхьал летийначу къинойх лаьцна мукІарло до аса. Тхаьш летийначу къиношна къера а хуьлуш, ас сайн Везачу Деле доІа дира. Ас элира: «Доьху Хьоьга, Хьалдолу Дела! Хьо сийлахь а, кхераме а ма ву! Хьайн весеташ кхочушдеш болчаьрца Айхьа бина барт ларбо Ахь! Хьо везаш болчарна Хьайн хедар боцу безам а ма гойту Ахь! Аса а, сан Исраилан халкъо а летийначу къиношна со къера хилар дІадийцира ас доІанехь. Сайн Делан ломах лаьцна дехар а дІаделхийра ас сан Везачу Далла хьалха.
Выбор основного перевода