Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10
Параллельные места
Динан дай болчу шен гергарчаьрца цхьаьна динан ден ЮцІдукъан кІанта ЮшаІа а, шен гергарчаьрца цхьаьна Шалтаалан кІанта Зурбабела а Исраилан Далла сагІа доккху кхерч бира, цунна тІехь дийнаташ дагоран сагІанаш дахархьама. Цара и кхерч Делан стаг волчу Мусан товрат-хьехамашна тІехь тІе-ма-диллара бина дІахІоттийра. Исраилхоша шайна гонах дехаш долчу халкъийн зударий балор бахьана долуш, Делан долахь долу халкъ кхечу къаьмнех дІаийнера. И къа шайх леточеран могІаршкахь бара мехкан куьйгалхой а, кхиболу хьаькамаш а». ХІунда аьлча динан ден багано Делах лаьцна хааделларг лардан деза, ткъа адамаша цуьнга шайна хьехамаш байта беза, динан да массо а ницкъийн Везачу Элан геланча волу дела. Амма шу, динан дай, нийсачу некъа тІера дІадирзина. Шайн хьехамаш бахьана долуш, дукха нах галбовлийтина аша. Аса левихошца бина болу барт бохийна аша, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. –
Выбор основного перевода