Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10
Параллельные места
ТІаккха хьал долуш болчу наха а, хьаькамаша а элира: «Оха массо хІума а царна юхалур ду, кхин цаьргара хІума а йоккхур яц. Ахьа аьлларг кхочушдийр ду оха». ТІаккха аса динан дайшка схьакхайкхира. Аса хьал долуш болчу нахе а, хьаькамашка а Далла хьалха чІагІо яйтира, уьш шаьш аьллачунна тІера бевр бац аьлла. шайн вежарий болчу лоруш болчарах дІа а кхетта, сардаман таІзарх иштта чІагІо йо: Дала Шен ялхо волчу Мусагахула белла товрат-хьехамаш лар а бийр бу оха, вайн Хьалдолчу Везачу Эло мел дина весеташ а, тІедехкинарш а, парзаш а леррина кхочуш а дийр ду оха. Аса цу нахе бехк а баьккхира, царна неІалт а кхайкхийра, царах цхьаболчарна етта а йиттира, церан месаш а ийзош. Делан цІарах иштта чІагІо яйтира ас цаьрга: «Дала тхуна таІзар дойла, оха тхайн зудабераш цаьрга маре дахийтахь а, я церан зудабераш тхайн кІенташна даладахь а, я оха-тхаьш церан зударий балабахь а.
Выбор основного перевода