Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10
Параллельные места
«Везачу Элана суждане а вахана, хьалха санна шовзткъа де-буьйса даьккхира ас. Со юуш а, молуш а вацара, аша летийна къинош бахьана долуш. Уьш а летийна, шайн Везачу Далла хьалха вон а дина аша, Иза оьгІаз а вахийтина аша. Динан коьрта да волчу Элишуба а, динан дай болчу цуьнан гергарчара а, хьала а гІевттина, УьстагІийн ков юхаметтахІоттийра. Цара, и ков Далла лерина хилийта къобал а дина, цуьнан неІарш дІахІиттийра. Цу динан дайша Ярушалайман пен дІахІоттийра Меа цІе йолчу бІаьвнна тІера Хьананиал цІе йолчу бІаьвнна тІе кхаччалц. Цул тІаьхьа цу гІалин пенан дакъа Далла лерина хилийта къобалдира. Элишубан а, ЯхІу-ЯдаІан а, Йохьанан а, ЯдуІан а заманашкахь хилла болчу левихойн а, динан дайн а доьзалийн баьччанийн цІераш парсихойн паччахь волчу Дари-Вашан паччахьалла лаьттинчу хенахь дІаязйина ю. Левин тІаьхьенах болчу доьзалийн баьччанаш Элишубан кІант волчу ЯхІу-Хьанин заманна тІекхаччалц дІаязбина бу.
Выбор основного перевода