Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10
Параллельные места
«Нагахь санна стага, Везачу Элана догІуш дерг дІа а ца луш, ларамаза къа латадахь, цхьа а сакхт доцу ка бан беза цо шегара даьллачунна тІера. Коьман мах дато шекхал ахча хІотто беза ахь (шекхал Езачу Меттигехь лелош долчу барамехь хила деза), даьллачунна гІуда такхаран сагІина лерина. Шен бехк хиларна цу стага Везачу Элана лерина гІуда такхаран сагІа даккха деза. Динан да волчу цхьа а сакхт доцу а, богІучу мехах болу а ка бало беза цо. Цигара дІавахча, шена дуьхьал вогІу Рахбин кІант ЯхІу-Надаб гира ЯхІуна. Маршалла а хаьттина, ЯхІус элира цуьнга: «Хьан дог а дуй те соьгахьа дирзина, сан дог хьоьгахьа дирзина ма-хиллара?» ЯхІу-Надаба элира: «Ду». «Иза иштта делахь, хьайн куьг схьакховдаде». Вукхо шен куьг дІакховдийра. ЯхІус иза шен гІудалкх тІе хьалаваьккхира. ХІинца дуьйна шайн дайн санна къиза дегнаш долуш ма хилалаш, ткъа Везачу Элана муьтІахь хилалаш. Цо гуттаренна а даздина долчу, Цуьнан цІенна тІе дуьйла. Шайн Везачу Далла гІуллакх де, тІаккха Цо Шен чІогІа йолу дералла шуна тІера дІайоккхур ю.
Выбор основного перевода