Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10
Параллельные места
ПарІушан тІаьхьенах берш – ши эзар цхьа бІе кхузткъе шийтта стаг (2172); Шапат-ЯхІун тІаьхьенах берш – кхо бІе кхузткъе шийтта стаг (372); Арахьин тІаьхьенах берш – ворхІ бІе кхузткъе пхийтта стаг (775); Пахьат-Муабин тІаьхьенах болчу ЮшаІан а, Йоабан а доьзалшкара – ши эзар бархІ бІе шийтта стаг (2812); Іейламан тІаьхьенах берш – цхьа эзар ши бІе шовзткъе вейтта стаг (1254); Затун тІаьхьенах берш – исс бІе шовзткъе пхи стаг (945); Закайн тІаьхьенах берш – ворхІ бІе кхузткъа стаг (760); Банин тІаьхьенах берш – ялх бІе шовзткъе ши стаг (642); Бебайн тІаьхьенах берш – ялх бІе ткъе кхо стаг (623); ІазгІадин тІаьхьенах берш – цхьа эзар ши бІе ткъе ши стаг (1222); Адуникхаман тІаьхьенах берш – ялх бІе кхузткъе ялх стаг (666); БигІвайн тІаьхьенах берш – ши эзар шовзткъе ялхитта стаг (2056); Іадин тІаьхьенах берш – виъ бІе шовзткъе вейтта стаг (454); Атари аьлла, кхин цІе йолуш волчу Хьузакх-ЯхІун доьзалера – везткъе берхІитта стаг (98); Бецайн тІаьхьенах берш – кхо бІе ткъе кхо стаг (323); Йоврин тІаьхьенах берш – цхьа бІе шийтта стаг (112); Хьашуман тІаьхьенах берш – ши бІе ткъе кхо стаг (223); Гибарин тІаьхьенах берш – везткъе пхийтта стаг (95); Байтлахам-гІалин бахархойн тІаьхьенах берш – цхьа бІе ткъе кхо стаг (123); НатІупат-гІалин бахархойн тІаьхьенах берш – шовзткъе ялхитта стаг (56); Іанатот-гІалин бахархойн тІаьхьенах берш – цхьа бІе ткъе бархІ стаг (128); Іазмават-гІалин бахархойн тІаьхьенах берш – шовзткъе ши стаг (42); Кхиръят-ЯІариман, Капира-гІалин, Баировтан бахархойн тІаьхьенах берш – ворхІ бІе шовзткъе кхо стаг (743); Рамера а, ГибаІ-гІалин а бахархойн тІаьхьенах берш – ялх бІе ткъе цхьа стаг (621); Михмасан бахархойн тІаьхьенах берш – цхьа бІе ткъе ши стаг (122); Бетал-гІалин а, ГІай-гІалин а бахархойн тІаьхьенах берш – ши бІе ткъе кхо стаг (223); Набу-гІалин бахархойн тІаьхьенах берш – шовзткъе шийтта стаг (52); МагІбиш-гІалин бахархойн тІаьхьенах берш – цхьа бІе шовзткъе ялхитта стаг (156); Іейлам-гІала цІе йолчу вукху гІалара бахархойн тІаьхьенах берш – цхьа эзар ши бІе шовзткъе вейтта стаг (1254); Хьарми-гІалара бахархойн тІаьхьенах берш – кхо бІе ткъа стаг (320); Лодди-юьртара а, Хьадидара а, Овну-гІалара а бахархойн тІаьхьенах берш – ворхІ бІе ткъе пхи стаг (725); Ерихонера бахархойн тІаьхьенах берш – кхо бІе шовзткъе пхи стаг (345); Саниара бахархойн тІаьхьенах берш – кхо эзар ялх бІе ткъе итт стаг (3630). Динан дай: Яди-ЯхІун тІаьхьенах волчу ЮшаІан доьзалера – исс бІе кхузткъе кхойтта стаг (973); Амиран тІаьхьенах берш – цхьа эзар шовзткъе шийтта стаг (1052); Пашихьуран тІаьхьенах берш – цхьа эзар ши бІе шовзткъе ворхІ стаг (1247); Хьармин тІаьхьенах берш – цхьа эзар вуьрхІитта стаг (1017). Левихойн тайпанах болу нах: ЮшаІан а, Кхадмиалан а тІаьхьенах болчу ХІудав-ЯхІун доьзалера – кхузткъе вейтта стаг (74). Илланчаш: Асайпан тІаьхьенах берш – цхьа бІе ткъе бархІ стаг (128). Делан цІийнан кевнерачу гІаролхойн тІаьхьенах берш: Шалуман а, Атарин а, ТІулманан а, Іакхубин а, Хьататин а, Шубайн а тІаьхьенах берш – цхьа бІе ткъе ткъайоьсна стаг (139).
Выбор основного перевода