Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10
Параллельные места
Шун Везачу Дала уьш шун кара а делла, аша и къаьмнаш эшийча, уьш кхоччуш дакъазадаха. Цаьрца барт а ма белаш, царах къа а ма хеталаш. Гергарлонаш а ма тийсалаш цаьрца. Шайн йоІарий церан кІенташка а ма бахийталаш, церан йоІарий шайн кІенташна а ма балабелаш. БІогІамна юххе а хІоьттина, паччахьо Везачу Элана хьалха Цуьнца бина болу барт карлабаьккхира – цо дош делира Везачу Элана тІаьхьахІотта а, шен доллучу даггара, доллучу синца Цуьнан весеташ а, бакъонаш а, парзаш а лардан а, оцу тептар тІехь яздина долу бертан дешнаш кхочушдан а. ТІаккха, йийсарера юхабирзинчара леладо хьарам гІуллакхаш бахьана долуш, Исраилан Дала аьллачунна вегош мел волу стаг со волчу схьагулвелира. ЧІогІа гІайгІане волу со суьйранна сагІа доккху хан тІекхаччалц Іийра. Уьш массо а кхечу къомах болу зударий балийна бара. Царах цхьаболчеран цу зударша дина бераш а дара. «ХІунда аьлча майра а, зуда а дІасакъастар ца деза Суна», – боху Исраилан халкъан Везачу Дала «И деш волчо ша къизаллех вузаво, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. – Цундела шайн синан тергам белаш, ямартлонаш ма лелаелаш».
Выбор основного перевода