Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
ТІаккха лаьттара адамаш чІогІа галдевлла хилар а, церан ойланаш а, дегнаш а, массо а ханна а зуламах дуьзна хилар а гира Везачу Элана. И тамехь йолу хаза хьожа дІакхечира Далла. ТІаккха Шен дагахь Везачу Эло элира: «Адамаш жимчохь дуьйна зуламах дуьзна делахь а, кхин цкъа а неІалт кхайкхор дац Аса лаьттана адам бахьанехь. Кхин цкъа а хІаллакйийр яц Ас лаьттара са мел долу хІума. Сан даго къобалдира хьекъал довзар а, иштта хьекъалх тилар а, сонталла хилар довзар а. ТІаккха со кхийтира, иза а, махана Іуналла дан гІертар санна, хІума дуйла. Зуламна сихха таІзар ца даро адамийн дегнаш зуламаш дарехьа дерзадо. ХІора стагаца а хиндерг цхьаъ ду: бакъахьарачуьнца а, зуламхочуьнца а, Далла хьалха цІеначуьнца а, боьхачуьнца а. Дикачу стагана а хир ду къинош летийначунна хиндерг. Далла хьалха дуй буучунна а хир ду Цунна хьалха дуй баа цаваьхьачунна хиндерг.
Выбор основного перевода