Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
„Тхан-тхайн ницкъо а, тхан куьйгийн ондалло а карадаийтина тхуна хІара хьал“, – аьлла, шун даг чу ца дожийтархьама. Амма аша шайн дегнаш чохь латтавелаш шайн Веза Дела, хІунда аьлча шун хьал хилийта шуна ницкъ луш верг Иза ву. Иза иштта лела, ваІда а дина, шун дайшца Ша бина барт, таханлерчу денна ма-барра, чІагІбархьама. Хьожуш хилалаш, нагахь санна и ворда, кхин цхьанхьа дІа-схьа ца хьаьвзаш, Исраил-махкахь йолчу Байт-Шамаше дІайодахь, и боккха бохам вайна Везачу Эло хилийтина бу. Амма и ши етт цига ца бодахь, вайна хуур ду, Цуьнан куьйгахула вайна и таІзар ца хиллийла а, иза ларамаза хилла хилар а». Цу хенахь цхьана стага ларамаза пха кхоьссира. И пха исраилхойн паччахьна тІехь долчу гІаьгІнан дакъошна юккъе кхийтира, цо паччахьна чов йира. Шен гІудалкх лелош волчуьнга Ахьаб-паччахьо элира: «Юха а верзий, тІом бечу меттера дІаваккха со – суна чов йина». Массо а хІуманан шен зама ю, кху лаьттарчу хІора гІуллакхан а шен хан ю. Цара сонтачу нахана лакхара даржаш лора, ткъа хьолахошна ларамаза йолу меттигаш лора. Говраш тІе хевшина леш гира суна, ткъа элий, леш болуш санна, гІаш лелаш бара. Иштта боху Везачу Эло: «Шен хьекъалх дозалла деш хила ца веза хьекъалча, шен ницкъах дозалла деш хила ца веза ницкъ болуш верг а, ткъа хьал долуш верг шен хьолах дозалла деш хила а ца веза. Суна хаьа, Веза Эла, адаман карахь доцийла цуьнан дахар, цуьнан карахь дац шен некъ билгалбаккхар. ТІаккха кадечун а дІавада ницкъ хир бац, ондачуьнга а шен ондалла латталур яц, тІемалочуьнга а шен дахар кІелхьардаккхалур дац. Пхерчий кхуьссург а дуьхьаллатталур вац, маса лелаш верг а дІавадалур вац, дошлочуьнга а шен дахар кІелхьардаккхалур дац. Сагатдарца шайн дахар цхьана сахьтана хьаьнга дахдалийталур дара шуьга?
Выбор основного перевода