Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Аса сайга боху: „Массо а хІума бен доцуш ду. Бехк боцург а ле, бехк берг санна. Массеран а дахар хадош верг Дела ву“. Къуббанаш ду церан цІенош гуттаренна а, и хІусамаш тІаьхьенашкара тІаьхьенашна юьсур ю церан. Цара шайн мехкашна шайн цІераш тохку. Хьекъалечун бІаьргаш са гуш бу, ткъа сонтаниг боданехь тилавелла леларг санна ву. Ткъа царах массарах хиндерг цхьаъ дуйла а кхийтира со. ТІаккха сайн дагахь элира ас: «Сонта волчух хилларг сох а хир ду-кх. ТІаккха хьекъалалла хиларо буьсун болу хІун пайда ло?» Ас сайн дагахь жоп делира: «Иза а кхетам тІе ца кхуьу хІума ду». Иштта стаг шина эзар шарахь а ваха тарло, шен бахамах марзо а ца оьцуш. Ткъа вай дерриш а цхьатерра коше дІадоьрзуш дац? Той долчу цІа чу воьдучул, тийжар долчу цІа чу вахар дикаха ду. ХІоранна а тІаьххьара де тІедогІу, ткъа дийна волчо цуьнан ойла ян еза. Исраил-махке дІаала: „Везачу Эло боху: ‘Со шуна дуьхьал ву, Ас Сайн тур баттара доккхур ду, Ас хьоьгара хІорра а схьавоккхур ву – вон мел верг а, дика мел верг а. Малико соьга элира: «Цунна тІехь яздина ду берриге а ЯхІуд-махка тІехь болчарна тІедогІу неІалт. ХІунда аьлча лачкъош мел верг дІаваьккхина хир ву, цхьана агІор яздина ма-дарра, харц дуй бууш мел верг а дІаваьккхина хир ву, вукху агІор яздина ма-дарра». Юха Мисарахь а, КанаІанахь а мацалла хІоьттира. Иза йоккха хало яра. Вайн дай даа хІума доцуш бисира. Тхан Итали даха деза аьлла, сацам хиллачул тІаьхьа ПахІал а, кхин цхьацца болу тутмакхаш а Юлай цІе йолчу тІеман хьаькаме дІабелира. Иза Рим-мехкан паччахьан цІарахчу эскаран декъан эпсар вара. Масийтта дийнахь я малх, я седарчий гучу ца довлура, ткъа хІордан ловзабалар дІатуьйш дацара. Тхо кІелхьардевр ду аьлла йолу муьлхха а сатуьйсийла дІаяьллера.
Выбор основного перевода