Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Йоаба, шеца долчу эскарца схьа а веана, Абал-Байт-МаІакана го бира. ГІалина гонах боьттинчу тІулгийн пена хьалха латта доьхкира цара, цу лаьттан баьрзнашна тІехула гІалин керта тІе довла шайн аьтто хилийта. Йоабаца мел хилла волу стаг, гІалин пена тІе хІума а етташ, иза бохо хІоьттира. Цу гІалахь ехаш йолчу цхьана хьекъал долчу зудчо, пена тІе а яьлла, мохь туьйхира: «ЛадогІа! ЛадогІа соьга! Йоабе кхуза схьавола ала! Суна цуьнца къамел дан лаьа». Цул тІаьхьа и зуда дерриг а халкъе йистхилира, царна шен хьекъале дешнаш дІахазош. ГІалин бахархоша, Бихрин кІентан ШебаІан корта схьа а баьккхина, Йоабана дІакхоьссира. ТІаккха Йоаба шен коьман маІа лекхира. ГІалина го бина болу эскархой шайн-шайн цІенош чу дІасабевлира. Йоаб шен паччахь волчу Ярушалайме юхавирзира. Цу буьйсанна наб яйнера паччахьан. Цо, шен пачхьалкхехь хуьлуш долу массо а хІума дІаяздеш долу тептар схьа а даийтина, иза шена дешийтира. Цу тептар тІехь дІаяздина дара Ахьаш-Варуш вен дагахь паччахьан чоь ларъеш болчу ялхоша БагІтанис а, Тараша а къайлаха бина хиллачу бартах лаьцна а, и хІума Мардахайна хаар бахьана долуш, цара бина болу барт кхочуш ца хиларх лаьцна а. ТІаккха паччахьо хаьттира: «ХІун сий а, дика а дина Мардахайна и хІума бахьана долуш?» Ялхоша жоп делира: «Мардахайна цхьа а хІума ца дина». Хьекъал долчуьнга ницкъболчаьргара гІала а схьаяккхало, церан бІобулуш хилла долу пенаш а дохало. Хьекъалалла долуш верг ницкъ болуш хуьлу, ткъа хаарш дерг чІагІлуш хуьлу. Кхаьрдаш болчу наха гІала меттахйоккху, ткъа хьекъал долчара оьгІазалла дІаерзайо. Я хьекъалдолчух лаьцна дерг а, я сонта волчух лаьцна дерг а дехар дац абаденналц, кестта уьш берриш а бицбийр бу. Маржа яІ, хьекъалениг а дІакхелха, сонтаниг санна! Набахти чуьра араваьлла цхьа къонах паччахь хІотто тарло. Я, масала, и къонах, шен хинйолчу пачхьалкхехь ша дуьнен чу волучу хенахь, къиэн хила тарло. Делахь а, къиэн а волуш, амма хьекъале волу къонах дикаха ву, къеначу а, сонтачу а, шена беш болу хьехам дІа ца оьцучу а паччахьал. Хьекъалалла дерг гІалин иттех олахо чул а нуьцкъала ву. ХІетахь гора суна зуламхошна дІахІиттош долу тезеташ. Уьш, езачу меттера схьа а оьций, дІабухкура. Ткъа цара зуламаш динчу гІаларчу бахархоша церан сий дора. Иза а кхетам тІе ца кхуьу хІума ду. Хьекъалалла тІеман герзел дикаха ду, амма къа латийначу цхьаммо дуккха а долу диканиг а хІаллакдо.
Выбор основного перевода