Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Амма исраилхоша доккха зулам дира Везачу Элана лериначуьнца доьзна. ЯхІудан тІаьхьенах волчу Іахана шайна схьаийцира Везачу Элана леринчух цхьайолу хІуманаш (Іахан вара Кармин кІант, ткъа Карма вара Завадин кІант, Завади вара Зерахьан кІант). ТІаккха Веза Эла чІогІа оьгІазвахара исраилхошна. Исраилхоша къа латийна, Ас шайга ларбе аьлла болу, Соьца шаьш бина болу барт а бохийна. Суна леринчух цхьайолу хІуманаш, схьа а эцна, шайн хІуманаш юккъехь дІалачкъийна цара. Цундела ца ян елла исраилхошка шайн мостагІашна дуьхьало. Уьш царах бевдда, шаьш-шайна хІаллакбаран кхел йина дела. Со кхидІа шуьца хир вац, нагахь Суна лерина хІуманаш аша шайна юкъара дІа ца яхахь. ЮшаІа элира: «Ахь тхуна бохам бина дела, Везачу Эло тахана бохам хьуна а бо». Берриг а исраилхоша, тІулгаш а кхиссина, Іахан а, цуьнан доьзал а хІаллакбира. Юха уьш а, церан бахам а цІергахь багийра цара. Везачу Эло исраилхой Даудан цІийнах дІакъастийча, НабатІан кІант ЯрбаІам шайн паччахь дІахІоттийра цара. Ткъа ЯрбаІама, исраилхой Везачу Элах дІа а берзийна, доккха къа латадайтира цаьрга. Хьекъалалла дерг гІалин иттех олахо чул а нуьцкъала ву. Иштта шена чохь кІеззиг бахархой болуш цхьа жима гІала яра. ТІаккха цхьана ницкъболчу паччахьо, тІе а гІоьртина, гІалин пенна гонах лаьттах баьрзнаш а дина, го бира цу гІалина. Амма цу гІалара бахархошна юкъахь хьекъале цхьа къен стаг а нисвелла, цо шен хьекъалаллица и гІала кІелхьаръяьккхира. Ткъа цул тІаьхьа цу гІалара бахархошна и къен стаг цхьанна а дага а ца веара. Амма аса боху, хьекъалалла тоьлу нуьцкъалаллал, оцу нахана цу къечу стеган хьекъалалла дицделлехь а, цара цуьнга кхин ла ца доьгІнехь а.
Выбор основного перевода