Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Собаре хилар гІоле ду тІемало хиларал, собарениг гІала схьаяьккхинчул а тоьлу. Набахти чуьра араваьлла цхьа къонах паччахь хІотто тарло. Я, масала, и къонах, шен хинйолчу пачхьалкхехь ша дуьнен чу волучу хенахь, къиэн хила тарло. Делахь а, къиэн а волуш, амма хьекъале волу къонах дикаха ву, къеначу а, сонтачу а, шена беш болу хьехам дІа ца оьцучу а паччахьал. Хьекъалалла дерг гІалин иттех олахо чул а нуьцкъала ву. Шоьтан де тІедеача, гуламан цІа чохь хьехамаш бан волавелира Иза. Дукхахболчара Іийсага ла а дугІий, инзарбовларца а, шеконца а вовшашка хоьттура: «Мичахьара баьлла те Цунна и хьехам? И хІун хьекъал ду те Цунна делларг, и инзаре хІуманаш а хуьлуш Цуьнан куьйгашца. Ша дечиган пхьар а волуш, оцу Якъубан а, Юшан а, ЯхІудан а, ШамІин а ваша а волуш, Мареман кІант вац Иза? Кхузахь, вайна юкъахь, бац Цуьнан йижарий а?» Оцу нахана Иза къобалван ца лиира.
Выбор основного перевода