Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Шен бераш сий долуш хилча а, цунна ца хаьа, церан сий дайча а, цунна ца го. Аса дечу узарша со гІел а во, дІавуьжу мотт аса сайн бІаьрхишца бус-буса тІун а бо. Сан велхаро со вуьжу мотт а башийна. Куьйгаш а ду церан, амма уьш хьакха ца ло. Когаш а бу церан, амма уьш лелаш бац. Церан легашкара аз а ца долу. «Ас аьллера сайга: „Сайн дахаран тоьллачу хенахь Іожаллин кевнах чекхвала везаш ву со. Дахаран дисинчу шерех дІахаьдда ву со“. ХІунда аьлча эхарто ца хаставо Хьо, Іожалло Хьуна хастам ца бо. Коша чу бирзинчеран дегайовхо яц Хьо царна тешаме хиларх. Мало а ца еш, дукха болх белаш. Даим доьналла а долуш, Далла гІуллакх делаш. Шаьш мел дийриг а доггах де, адамашна деш санна а доцуш, Везачу Элана деш санна.
Выбор основного перевода