11
Кхин а суна гира стигална кІел долу иштта хІуманаш: уггар а сиха леларш а гуттара а ца бовлу хьалха, уггар а ницкъберш а ца тоьлу тІамехь гуттара а. Иштта хьекъал долчарна а ца кхочу бепиг гуттара а, кхетам болчарна а ца кхочу хьал гуттара а, хаарш долчарна а ца хуьлу ларам гуттара а. Царах хІораннан а шен хан а ю, шен хьал-де а ду.