Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Делан дош дІасадаьржаш дара, Ярушалаймехь мурдаш алсамбовлуш бара. Дуккха а динан дай Іийсах долчу тешарна муьтІахь хилира. Цу гІалахь Іаш, ШамІа цІе а йолуш, бозбунчалла лелош, цхьа стаг вара. Цо лелочух Шамран-махкахь болу нах цецбуьйлура. Иза ша сийлахь-воккха ву бохуш вара. Римхойн проконсул Серги ПахІал волчохь гІуллакх деш вара иза. Проконсул хьекъал долуш стаг вара, шена Делан Дош хаза лаарна цо Бар-Наабе а, Шауле а схьакхайкхийтира. И хилларг а гина, Везачу Элах болчу хьехамах цецваьлла, Іийсах тийшира проконсул. Яннай а, Ямвари а Муса-пайхамарна дуьхьал ма-валлара, уьш а дуьхьалбевлла билггал бакъдолчунна. Церан кхетам телхина бу, ткъа церан тешар зийча, уьш Іийсах баккъалла а тешаш ца хилар гучудолу.
Выбор основного перевода