Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Амма жуьгташа, Далла гІуллакх деш болу, лоруш болу зударий а, гІалара хьалхара нах а хьала а гІовттийна, ПахІал а, Бар-Нааб а шаьш долчу махкара эккхавайтира. Амма тешарна реза боцучу жуьгташа кхечу къаьмнех цхьаболу нах Іийсах тешначарна дуьхьалбехира, царах дог доккхуш. Амма цара дуьхьалонаш а еш, дов дора цунна. ТІаккха ПахІала, шен бедарш тІера чан дІа а егийна, элира цаьрга: «Къа а, бала а шайн бехкенна хуьлда шуна, со хІуманна а бехке вац. ХІинца со кхечу къаьмнийн нах болчу воьду». Ткъа хІинца царна тамашийна хета аша хьалхалера боьха гІуллакхаш ца лелош, цундела шуна лоь уьш. Амма кху наха шайна цахуург емалдо. Шайн амалшка хьаьжжина, шаьш, луьра дийнаташ санна, кхета хІуманаш бахьана долуш цара шаьш хІаллакбо. Шен Ялхо денвича, Дала уггар хьалха шуна тІеваийтира Иза, зуламечу гІуллакхех шух хІора а дІадерзош, къобалдархьама». Вежарий, ИбрахІиман бераш, шу а, Делах кхоьру хийрачу мехкашкара дерш, и кІелхьардовларх болу кхаъ вайна баийтина бара! «ДІахоуьйла шуна, Дала кІелхьардовларх болу Шен кхаъ кхечу къаьмнийн нахана хаийтина: царна хезар ду». Суна эхь ца хета хаза кхаъ дІакхайкхо, хІунда аьлча и кхаъ Делан ницкъ бу Іийсах мел тешарг кІелхьарваккха – хьалха жуьгтий, тІаьхьа кхечу къаьмнех болу нах а.
Выбор основного перевода