Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Сан ялхо волу Дауд кара а вина, Ас цунах паччахь вира, цунна тІе Сайн деза даьтта а дуттуш, Аса иза къобалвира. Къуреш-паччахьах боху Ас: „Иза Сан Іу ву. Цо Сан лаам кхочушбийр бу. Ярушалаймах цо эр ду: ‘ЮхаметтахІоттае и гІала!’ Делан цІийнах эр ду цо: ‘Цуьнан бух дІахІоттабе!’“» амма хІинца хьан паччахьалла лаьттар дац. Везачу Элана хьан метта Шен даго къобалвеш волу стаг карор ву, иза Цо Шен халкъана тІехь баьчча вина дІа а хІоттор ву, хІунда аьлча ахьа Везачу Эло хьайна тІедиллинарг кхочуш ца дина».
Выбор основного перевода