Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло элира Хьанасе: «ДІавало! И стаг Ас хаьржина гІирс бу. Цо кхайкхор ю Сан цІе кхечу къаьмнех болчу нахана а, церан паччахьашна а, Исраилан халкъана а. Ткъа Атталера хІордкеманца уьш Антиохе дІабахара. Цигахь Делан кара белла бара уьш, шайна тІедиллина гІуллакх дархьама. И гІуллакх цара хІинца кхочуш а дира. ТІаккха Цо элира соьга: „ДІавало, Аса генна вохуьйту хьо, кхечу къаьмнийн нах болчу“». Со дуьненна тІе а валале, со къастийначу Дала, Ша суна динчу диканца, суна хьалха Шен КІант дІахІоттийра, Цунах лаьцна болу хаза кхаъ, жуьгтий боцучу, кхечу къаьмнех болчарна а кхайкхорхьама. Со ца вахара цхьанна а адамах дагавала а,
Выбор основного перевода