Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха Везачу Эло Мусага элира: «ХІинца гур ду хьуна Ас пирІунна дендерг. Онда куьг шена тІехь хааделча, цо дІахоьцур ду Сан халкъ. Цо ша арабохур бу уьш шен махкара». Ас боху ала Исраилан халкъе: „Со Веза Эла ву. Ас Сайн куьйга мисархойн олаллех кІелхьардохур ду шу, церан леш долчуьра паргІат а дохур ду, Сайн болчу ницкъаца царна луьра таІзарш а деш. Хьайн Везачу Делан деза халкъ ду хьо. Хьан Везачу Дала хьо хаьржина, хьох Шен долахь долу халкъ дархьама, дуьнен чохь мел долчу халкъашна юкъара схьа а хаьржина дина долу. Везачу Эло хьо Шен деган лаам бар а, хьо харжар а массо а халкъел хьо дукха долу дела дацара – хьо массо а халкъел жима халкъ ма ду, – Везачу Элана хьо деза дела а, Цо шун дайшна делла ваІда лардо дела а хаьржина дара. И бахьана долуш Везачу Эло хьо, ондачу куьйгаца лоллин цІа чуьра ара а даьккхина, Мисар-мехкан паччахь волчу пирІунан карара паргІатдаьккхина. ЛадогІа, стигалш, ладогІа, латта, хІунда аьлча Везачу Эло боху: «Ас, кхиийна, айинера Сайн кІентий, ткъа уьш Суна дуьхьалбевлла.
Выбор основного перевода