Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шаул жуьгтийн гуламан цІеношкахь хьехам бан волавелира, Іийса Делан КІант ву бохуш. Дерригенах кхета а кхетта, Мареман цІа долчухьа вахара Кипа. Марк аьлла цІе йоккхучу Яхьъян нана яра и Марем. Цуьнан цІа чохь дуккха а адам гулделлера доІанаш дан. Шайна тІедиллина гІуллакх Ярушалаймехь чекх а даьккхина, вухавеара Бар-Нааб а, Шаул а. Марк аьлла кхин а цІе йоккхуш волу Яхьъя а валийра цара шайца. ПатІосера ПахІал а, цуьнан накъостий а Пампили-махкахь йолчу Перги-гІала бахара хІордахула. Уьш цигахь а битина, Ярушалайме юхавеара Яхьъя. Цу тІехула царна юкъахь баьлла къовсам бахьанехь дІасакъаьстира и шиъ. Бар-Нааб, шеца Марк а эцна, хІордкеманца Кипре вахара.
Выбор основного перевода