Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шу Далла тІедирзина дела, Ас хих чекхдоху шу, амма сол тІаьхьа ван везарг сол нуьцкъала ву. Со Цунна мачаш кхехьа а хьакъ вац. Цо шу Делан Синах а дузур ду, цІарца а дахчор ду. Адамашна иштта хьехамаш бора цо: «Барам боцуш сол нуьцкъалниг вогІу суна тІаьххье. Цунна хьалха ур-атталла гора а хІоьттина, Цуьнан мачийн бахтарш дІадаста хьакъ вац со. Яхьъяс бохура цаьрга массаьрга а: «Ас шу хих чекхдоху, амма сол нуьцкъалниг вогІур ву шуна, со Цуьнан мачийн бахтарш дІадаста а хьакъ вац. Цо Делан Синах дузор а ду, цІерца а дахчор ду шу. Яхьъяс иштта тоьшалла дира, шен дашна тІера юха а ца волуш, ма-дарра дІа а олуш: «Со Дала леррина Къобалвинарг вац». Иза сол тІаьхьа вогІуш велахь а, со Цуьнан мачийн бахтарш дІадаста а хьакъ долуш вац».
Выбор основного перевода