Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шаьш тІе а ца оьцуш, аша бохучуьнга ла а ца дугІуш йолчу хІусамера я гІалара дІагІо, шайн когаш тІера чан охьа а егош. Нагахь санна шаьш цхьана меттигехь тІе ца лацахь а, я ла ца догІахь а, шаьш цигара дІадоьлхуш, шайн когаш тІера чан охьаегае. Шу тІе ца эцначу нахана дуьхьал тоьшалла хир ду иза». Нагахь цхьанхьа шаьш тІе ца эцахь, шайн когаш тІера чан дІаегае, гІалара арадовлуш. Шу тІе ца эцначу нахана дуьхьал тоьшалла хир ду иза». „Шун гІалахь тхан мачаш тІе йиллина чан а шуна юха дІаегайо оха. Амма хаалаш, кху гІалара бахархой: Делан Олалла гергакхаьчна шуна!“ Амма цара дуьхьалонаш а еш, дов дора цунна. ТІаккха ПахІала, шен бедарш тІера чан дІа а егийна, элира цаьрга: «Къа а, бала а шайн бехкенна хуьлда шуна, со хІуманна а бехке вац. ХІинца со кхечу къаьмнийн нах болчу воьду».
Выбор основного перевода