Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Нийса лелаш волчунна кхерам хир бац, ткъа шен некъаш талхош верг жоьпе озор ву. Ва Эпрайман халкъ, цІушца Сан хІун бала бу? Хьан доІанаш хезаш верг Со ма ву, Хьо Іалашдийриг а Со ма ву, сийна зоьзан-дитт санна ма ву Со, Сох бен стоьмаш хир бац хьуна». Ткъа аре – иза дуьне ду. Дика хІу – Делан Олаллин бахархой бу. Ткъа асаран буц иблисан агІонгара нах бу. Шун да иблис ду, ткъа шуна а лаьа шайн ден лаамаш кхочушбан. Иблис юьххьехь дуьйна а адам доьриг ду, иза бакъдолчунна тІехь ца Іийра, шеца бакъдерг доцу дела. Цо харцдерг дуьйцучу хенахь шениг дуьйцу, хІунда аьлча иза харцдерг дуьйцург а ву, харцдолчун да а ву.
Выбор основного перевода