Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Амма Ибрама Седаман паччахьна жоп делира: «Везачу Элана, стигал а, Латта а кхоьллинчу Веза Воккхачу Далла хьалха дІакховдийначу куьйгаца чІагІо йо ас, «И денош дІадевлча, аса, Набухди-Нецара, бІаьргаш стигала хьалахьажийра. Кхетам меттахІоьттира сан. Веза Воккхачу Далла хастам а бира ас, даим вехаш волу Дела ваз а вира ас. Цуьнан олалла хедар доцу олалла ду. Цуьнан паччахьалла тІаьхьенашкара тІаьхьенашка ду. Иза Веза Воккха Дела емалвеш а хир ву, Веза Воккхачу Делан нахана таІзар а дийр ду цо. Церан деза денош а, Іедал а хийца гІертар ву иза. И нах цуьнан кара дІалур бу зама а, заманаш а, ахзама а чекхъяллалц. Цуьнан ницкъ чІагІлур бу, цуьнан шен ницкъаца и ца хилахь а. Тамашийна бохамаш бан а, ша мел дечунна тІехь аьтто хила а, онда ницкъ берш а, Делан халкъ а хІаллакдан а ларош хир ву иза. Дукха адам туьро хьокхур ду, массо а мехкашка йийсаре дуьгур ду. Ярушалайм кхечу къаьмнех болчара хьаьшна латтор ю, шайн хан дІаяллалц». Суна хІордана тІехь а, лаьтта тІехь а лаьтташ гина долчу малико, шен аьтту куьг стигала хьала а кховдийна, стигал а, латта а, хІорд а, царна чохь мел долу хІума а кхоьллина волчу, ерриг а тІейогІучу заманна волуш Волчун цІарах чІагІо йира: «Дала кхин лур яц шуна хан. ВорхІалгІачу малико турба локхучу хенахь Делан къайлаха йолу Іалашо чекхъер ю, Цо Шен ялхой болчу пайхамаршка хаам бина ма-хиллара», – аьлла.
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Выбор основного перевода