Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Ткъа хьалхарчу беттан ткъе доьалгІачу дийнахь Хьиддекхал олучу доккхачу хин йистехь лаьтташ вара со. Хьалахьаьжча, суна хІара сурт гира: гатанан бедар а юьйхина, гІодаюккъе Упаз-махкарчу деших дина доьхка а дихкина, цхьа стаг вара лаьтташ. Цуьнан дегІ, жовхІар санна, къегаш дара. Цуьнан юьхь, стелахаьштиг санна, къегара. БІаьргаш бара цуьнан богуш болу къуьданаш санна. Цуьнан куьйгаш а, когаш а къегачу цІестан суьртехь дара. Цуьнан къамел адамийн тобанан аз санна дара. Со, Даниал, воцучунна, цхьанна а и дуьхьалхІоьттина сурт ца гира. Соьца хилла долчу адамашна а ца гира и сурт, делахь а боккхачу кхерамо дІалецира уьш, тІаккха дІаловчкъа дІадевдира уьш. Со цхьа висира. Оцу дуьхьалхІоьттинчу Іаламат доккхачу суьрте хьоьжура со. Сан гІора дайра, со докъан васте вахара, сан ницкъ метта ца хІуттура. Суна хІордана тІехь а, лаьтта тІехь а лаьтташ гина долчу малико, шен аьтту куьг стигала хьала а кховдийна,
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Выбор основного перевода