Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
ХІара тоьшаллин тептар, дІа а хьарчадай, дІадехка. ХІара хьехаман тептар мухІарца дІа а къовла. Сан мурдаша иза лардойла. Делера болу муьлхха а хаам шуна мухІар тоьхна тептар санна хир бу. Оцу тайпанара тептар деша хуучуьнга дІа а лой, олу: «Деша иза», амма цо жоп ло: «Ца дешало соьга, хІунда аьлча и тептар мухІар тоьхна ду». Цул тІаьхьа со лаьтташ волчу метте тІевеара иза. И тІевеача, кхеравелла, бертал охьавуьйжира со. Цо элира соьга: «Хаалахь, адаман кІант, хІара сурт дуьненан чаккхенан заманца дозуш дуйла!» Суьйренех а, Іуьйренех а лаьцна хьуна гинарг – иза билггал бакъ ду, ткъа ахьа и хьайна гина сурт къайладаккхий дита, иза кестта хиндолчух лаьцна доцу дела». «ДІавало, Даниал. Чаккхенан зама яллалц, мухІар а тоьхна, дІакъевлина ду и дешнаш, – элира цо. – Ткъа хьо чаккхенна тІегІо, вала а велла, гІоттур ву хьо денойн чаккхенгахь хьайна догІург схьаэца». Малико кхин а элира соьга: «Кху тептар тІехь язбина болу Делера хаам къайла ма баккхалахь, хІунда аьлча и дерриг а хир долу хан тІекхочуш ю.
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Выбор основного перевода