Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Къилбаседехьа дІадирзина лаьттачу лакхара ков долчу агІонера схьавогІуш ялх стаг гира суна. Церан хІораннан а карахь хІаллакдаран герз дара. Цаьрца кхин цхьа стаг вара, шена тІеюьйхина дуткъачу кІадих йина йолу бедарш а йолуш, гІодаюкъарчу доьхкарх дІабихкина яздархочун гІирс а болуш. Схьа а баьхкина, сагІа доккхучу цІестан кхерчана улло дІахІиттира уьш. Суна хезира цхьа малик цхьаьнга дистхуьлуш: «Мел яхлур ю те хІора дийнахь доккхучу сагІанах а, Далла вас еш долу къилахь хІуманаш лелорах а, Делан цІа а, Делан эскар а когашца хьешарх а лаьцна дуьхьалхІуттучу суьртехь юьйцу зама?» Хьалахьаьжча, суна хІара сурт гира: гатанан бедар а юьйхина, гІодаюккъе Упаз-махкарчу деших дина доьхка а дихкина, цхьа стаг вара лаьтташ.
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Выбор основного перевода