Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Веза Эла шуьга хьоьжуш ву, шух къинхетам бан лууш, Иза хьалаваьккхина лаьтташ ву, шуна диканиг дан лууш, хІунда аьлча Веза Эла нийсонан Дела ву. Декъал бу Цуьнга хьоьжуш берш. Сан цІе бахьана долуш цхьанна а дезар дац шу, амма и дерриге а чекхдаллалц лайнарг кІелхьарвоккхур ву. Сан цІе бахьана долуш цхьанна а дезар дац шу, амма и дерриге а чекхдаллалц лайнарг кІелхьарвоккхур ву». Цундела муьлхха а хьарам хІума а, вон мел лелар а дІадаккха. Далла муьтІахь а хуьлуш, шайга кховдийна а, шаьш кІелхьардаха тарлуш долу а Делан дош тІеэца. Собарца баланаш хьегнарш декъалбинарш лору вай. Шуна хезна Аюба лайначу халонех лаьцна. Ткъа Везачу Эло цунна эххар а динарг а хаьа шуна, хІунда аьлча Веза Эла чІогІа къинхетаме а, стагах дог лозуш а ву. Ткъа Делан цІенна арахула йолу керт царна юкъа ма ялае, иза юста а ма юста, хІунда аьлча и кхечу къаьмнашна дІаелла ю. Цара шовзткъе шина баттахь и еза гІала хьоьшур ю. Ткъа и зуда яьссачу аренга дІаедира. Цигахь, цхьа эзар ши бІе кхузткъа дийнахь цу зудчун дола дайтархьама, Дала цунна меттиг кечйинера. Кура а, Іеса а къамелаш ден бага елира цу экханна. Шовзткъе шина баттахь иштта Іан бакъо елира цунна.
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Выбор основного перевода