Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Ткъа суна бакъонца гур ю Хьан юьхь, самаваларца, Хьан сибат а гина, там хир бу суна. ХІетте а, Хьан белларш денлур бу, Хьан халкъан декъий гІовттур ду! Ченахь мел Іохкуш берш, гІовттий, хазахетарца мохь хьекха! Іуьйренан Хьан тхи – иза денлуш долу тхи ду, Ахь иза лаьттахь болчу беллачарна тІе дожадо». Везачу Элан ницкъ боьссира суна тІе, Цуьнан Сино, цигара дІа а ваьккхина, тогІи чу охьавоссийра со. Цу тогІи чохь дукха даьІахкаш яра. Цо цу даьІахкашна го баккхийтира соьга, ткъа Суна гира тогІин бухахь йолу уьш чІогІа дукха хилар. Со инзарвелира и даьІахкаш вуно якъаелла хилар бахьана долуш. ТІаккха Везачу Эло соьга элира: «Адаман кІант! Денлур юй те и даьІахкаш?» Ас жоп делира: «Хьалдолу Эла! Иза Хьуна цхьанна хаьа». Везачу Эло соьга элира: «Соьгара хаам а беш, дІаала оцу даьІахкашка: „Екъа даьІахкаш! ЛадогІа Везачу Элан даше!“ Иштта боху Хьалдолчу Эло хІокху даьІахкашка: „Ас шуна чу са доуьйтур ду, тІаккха шу денлур ю. Ас шуна кІозйохург а, дилха а юхадерзор ду, шуна тІе чкъор а далор ду, цул тІаьхьа шуна чу са а дуьллур ду, тІаккха шу денлур ю. Иштта хуур ду шуна Со Веза Эла вуйла“». Ас Везачу Элера болу хаам бора, сайна тІе-ма-диллара. Аса хаам бечу хенахь тата санна йолу цхьа гІовгІа елира. Юха и даьІахкаш вовшашна тІеттІа йоьлхура. Суна гира царна тІе кІозйохург а, дилха а дуьллуш, цул тІаьхьа царна тІе чкъор озийра, амма царна чохь са дацара. ТІаккха Цо соьга элира: «Адаман кІант, Соьгара болу хаам а беш, дІаала сине: „Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Ва са, массо а маьІІера хьайн Іаь тохий, хІокху хІаллакбиначарна чу са даийта, тІаккха уьш денлур бу’“». Цо Суна тІе-ма-диллара, Ас Хьалдолчу Элера болу хаам бира. ТІаккха цу декъашна чу са деара, уьш ден а делла, хьалагІевттира. Уьш доккха эскар хиллал чІогІа дукха бара. ТІаккха уьш цкъа а хедар доцучу таІзарехь хир бу, ткъа Делан лаамехь берш хедар доцучу дахаре кхочур бу». Цец ма довлалаш цунах, хІунда аьлча тІейогІуш ю и зама, кешнаш чохь болчу массарна а Делан КІентан аз хезар долуш. ТІаккха, ден а белла, арабевр бу уьш. Царах дика гІуллакхаш динарш Дела волчохь хедар доцучу дахаре гІур бу. Ткъа шайн дахарехь вон гІуллакхаш динарш шайна кхел яйта денлур бу. Делан лаамехь болчарна а, боцучарна а беллачуьра денлур бу аьлла болу, хІорш а шех тешаш болу, Делах болу цхьа сатийсам бу сан. ХІордо а схьабелира шена чохь болу белларш. Шайна чохь болу белларш схьабелира Іожалло а, эхарто а. Царна хІоранна а, шайн-шайн гІуллакхашка хьаьжжина, кхел йира.
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Выбор основного перевода