Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
ХІунда аьлча Іовдало сонта хІума дуьйцу, цуьнан дагахь вониг дар ду. Цо Іесалла лелайо, Веза Эла емалво, мецачун лаам Іаба ца бо, ткъа хьогахверг хи доцуш вуьту. Ямартчун гІуллакхаш зуламе ду: цо ямартло ян ойла йо, къениг харц дешнашца хІаллаквархьама, и къениг нийса воллушехь. Халкъана юкъарчу кхетам болчара, шаьш туьрах а, цІерах а, йийсарх а, талорех а цхьайолчу ханна бала хьоьгур белахь а, дукхахберш кхетор бу. Цхьаболчу хьекъал долчу наха, шаьш бахчабалархьама, цІанбархьама, кІайбархьама, баланаш хьоьгур бу чаккхенан хан тІекхаччалц, хІунда аьлча билгалъяьккхина хан хІинца а хир йолуш ю. Шун тешар зуьйш ду, ткъа иза дешил деза ду. ХІунда аьлча деши, цІарца дахчош делахь а, замано талхош ду. Ткъа шун тешар, зен а зийна, бакъдолу тешар ду аьлла, хила дезаш ду, Дала леррина къобалвина Іийса веанчу дийнахь шун хастам а, даздар а, сийлалла а хилийтархьама. Ас цуьнга жоп делира: «Хьуна хьайна ма хаьа, эла». ТІаккха цо элира соьга: «Уьш, боккхачу балехь а лаьттина, схьабевлла бу. Цара шайн духарш, цІан а дина, Іахаран цІийца кІайдина.
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Выбор основного перевода