Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Ур-атталла цу ницкъийн Элана а дуьхьалъелира иза. Цунна хІора дийнахь сагІа даккхар а дихкира цо, Цуьнан цІа а сийсаздаьккхира цо. Делан эскаро къинош леторна тІера хІора дийнахь доккху сагІа дІатесира. Билггал бакъдерг лаьтта тІе охьатаІийра. Цу маІан ша мел дечунна тІехь аьтто болура. Суна хезира цхьа малик цхьаьнга дистхуьлуш: «Мел яхлур ю те хІора дийнахь доккхучу сагІанах а, Далла вас еш долу къилахь хІуманаш лелорах а, Делан цІа а, Делан эскар а когашца хьешарх а лаьцна дуьхьалхІуттучу суьртехь юьйцу зама?» Суна хезира вукхо делла жоп: «Ши эзар кхо бІе суьйре а, Іуьйре а яьлча, Делан цІа цІанлур ду». Дукхахболчаьрца цу баьччано цхьана ворхІ хан-заманна барт чІагІбийр бу. Цу ворхІ заманан эханехь дийнаташ дагош сагІа даккхар а, кхийолчу хІуманийн сагІа даккхар а сацор ду цо. Ткъа Делан цІийнан уггар лекхачу меттехь вас еш йолу къемате хІума дІахІоттор ю цо, билгалъяьккхина йолу чаккхе шена тІекхаччалц». Цуьнан эскархоша Делан цІа а, керт а бехйийр ю. ХІора дийнахь сагІа даккхар а сацор ду, вас еш йолу къемате хІума а дІахІоттор ю цо, цунна Іибадат а дойтуш. «Иштта, Даниал-пайхамарехула аьллачух „вас еш йолу къемате хІума“ езачу метте дІахІоьттина шайна гича, – (хІара доьшург нийса кхетийла!), «Ткъа хІотто ца дезачохь, „вас еш йолу къемате хІума“ хІоттийна шайна гича (хІара доьшург нийса кхетийла!), тІаккха цу хенахь ЯхІуд-махкахь нисвелларг лаьмнашка дІаводийла.
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Выбор основного перевода