Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Ткъа ахьа, Даниала, хІара дешнаш къайладаха, чаккхенан зама тІеяллалц кху тептарна мухІар а тохий. Дукхахболчара иза доьшур ду, тІаккха хаарш алсамдевр ду». «ДІавало, Даниал. Чаккхенан зама яллалц, мухІар а тоьхна, дІакъевлина ду и дешнаш, – элира цо. – И асаран буц дІайийна волу мостагІа иблис санна ву. Ткъа ялта хьокху хан – иза дуьненан тІаьхьара зама ю. Маьрсахой маликаш санна бу. ХІусамдас аьлла цуьнга: „Дика ду, хьо дика ялхо ву. Хьо кІезигчу хІуманна тІехь тешаме хиларна, хьан куьйгалла кІел итт гІала ло ас“. ХІунда аьлча Веза Эла коьртачу маликан озаца а, Делан турба лакхарца а, Ша стигалара охьавуссур ву, ткъа Дала леррина Къобалвинчух тешаш а болуш белларш хьалха денлур бу. ТІаккха царна хІоранна а кІайн духар делира. Цаьрга элира, кхин а кІеззиг йолчу ханна сатоха аьлла. Иштта хила дезара, цаьрга терра Іийсана гІуллакх деш болчу а, уьш санна байина хин болчу а, динан вежарийн терахь кхочушхиллалц. ТІаккха суна стигалара аз хезира. Цо соьга бохура: «ДІаязде: „ХІинца дуьйна декъал бу, Везачу Элах тешар а долуш, леш берш“». «Билггал бакъ ма ду, – боху Делан Сино, – Шаьш дечу гІуллакхех садоІур ду цара. Церан гІуллакхаш а царна тІаьххье дІагІур ду». Декъала а, Дала даздина а ду-кх оцу нах беллачуьра дуьххьара денбаларехь дакъалоцу долу адамаш. ШолгІачу даларан олаллехь дац уьш. И нах Делан а, Дала леррина Къобалвинчун а динан дай хир бу. Цара цхьана эзар шарахь Цуьнца паччахьалла дийр ду.
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Выбор основного перевода