Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Юха Исраила элира Юсупе: «Со леш ву, амма Дела шуьца хир ву. Цо шайн дайн лаьтта тІе юхадуьгур ду шу. «Дагахь латтаделаш, цкъа а диц ма делаш, мел дукха оьгІазъоьхуьйтура аша шайн Веза Дела яьссачу аренгахь. Мисар-махкара арадевллачу дийнахь дуьйна шаьш хІокху метте схьакхаччалц Везачу Элана дуьхьалдевлла лелара шу. Ткъа Везачу Эло: „Дуьйло, схьадаккха Ас шуна луш долу латта“, – аьлла, шу Кхадеш-БарнаьІера дохуьйтучу хенахь, шу дуьхьалдевллера шайн Везачу Делан омранна, шу Цунах ца тийшира, аша Цуьнан озе ла ца дуьйгІира. Шу суна девзинчу дийнахь дуьйна аьрха лелара Везачу Элана хьалха. ма кхералаш царах, амма дагадаийталаш шун Везачу Дала пирІунна а, берриг а мисархошна а динарг. «Шайн мостагІашна дуьхьал тІом бан шу доьлхуш шун чул дукха йолу церан говраш, гІудалкхаш, тІемалой шайна гича, кхера ма лолаш, хІунда аьлча Мисар-махкара шу арадаьхна волу шун Веза Дела шуьца ву. „ЛадогІа соьга, Исраилан халкъ! Аша тахана шайн мостагІчуьнца тІом дІаболош бу. Доьналлех ма довлалаш, ма кхералаш, царах ма озалолаш, Іадийна ма хилалаш! ХІунда аьлча шун Веза Дела шуьца новкъа ваьлла мостагІчух тасадала шуна гІо дархьама. Цо шуьга толам боккхуьйтур бу“. Кхетаме богІур болуш а бац те харцонаш лелош мел берш, шаьш бепиг дууш санна, сан халкъ дІакхоллурш, ткъа Везачу Эле ца кхойкхурш?
Выбор основного перевода