Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Сайна дерриге а дагца тешаме а хилла, Сайн ялхо волу Килаб вуьгур ву Ас ша хьаьжначу лаьтта тІе, цу нехан йоцу, цІена ойла цуьнан дагахь хиларна. Цуьнан тІаьхьенан долахь хир ду Іамалекхахой а, канаІанхой а тогІи чохь Іаш болу латта. „ХІокху адамийн телхинчу гаранна юкъара цхьана а адамна гур дац, шун дайшна Ас лур ду аьлла, ваІда дина долу дика латта, – аьлла. – И латта Епунин кІант волчу Килабана бен гур дац. Иза лелла латта Ас цунна дІалур ду, цунна а, цуьнан кІенташна а, иза кхоччуш Веза Эла волчу Суна тІаьхьа хІоттарна“. Шу бахьана долуш Веза Эла суна а оьгІазвахана. Цо элира: „Хьо а вер вац оцу лаьтта тІе. Хьан гІоьнча волу Нунин кІант ЮшаІ вер ву оцу лаьтта тІе. Иза тІечІагІве, хІунда аьлча Исраилан къоме оцу лаьттан дола дойтур ду цо“.
Выбор основного перевода