Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Мисархошка хІунда бохуьйтур ду: „Уьш Мисарара Цо мекарлонца арабаьхна, лаьмнашкахь уьш байа а, лаьтта тІера хьаькхна дІабаха а“. Хьайн оьгІазло дІа а яккхий, дохко а валий, хІаллак ма дехьа Хьайн халкъ. Амма и хІума Ас Сайн цІеран дуьхьа дира, Сайн цІе уьш юкъахь Іийначу халкъашна хьалха ца йожийта, Ас уьш Мисар-махкара арабохучу хенахь дІадовзийтинчу халкъашна юкъахь Сайн цІе ца йожийта. Везачу Эло уьш хІаллакбийр бу аьллачу хенахь, Цо хаьржина волу Муса Цунна хьалха дІахІоьттира, Везачу Элан дералла нах хІаллакбечуьра дІа а ерзийра.
Выбор основного перевода