Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Дагахь латтаделаш, цкъа а диц ма делаш, мел дукха оьгІазъоьхуьйтура аша шайн Веза Дела яьссачу аренгахь. Мисар-махкара арадевллачу дийнахь дуьйна шаьш хІокху метте схьакхаччалц Везачу Элана дуьхьалдевлла лелара шу. Аша Хьариб-ломахь а оьгІазвахийтира Веза Эла. Иза шу цигахь хІаллакдина дІадаххал дарвеллера. Делах долу тешар церан ца хиларна а, Цуьнан кІелхьардахарх уьш тешна ца хиларна а. ТІаккха, мархашна омра а дина, Цо стигалан неІарш дІайиллира, ТІаьхьо церан дог делира исбаьхьачу лаьттах, Дала йинчу чІагІонах уьш ца тийшира. Оццул дукха тамашийначу гІуллакхийн билгалонаш гайтира Іийсас нахана, хІетте а тешаш бацара уьш Цунах.
Выбор основного перевода