Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Муса Везачу Эле кхайкхира: «ХІун де ас кху халкъана? Кхин жимма а хІара дахлахь, цара суна тІулгаш деттар ду». АхІарона исраилхошка къамел дечу хенахь, массо а, юха а вирзина, яьссачу арене хьаьвсира. ЦІеххьана царна мархина юккъехь Везачу Элан олаллин нур гира. ТІаккха Муса а, АхІарон а гуламан четарна чувелира. Цигара араваьлча, халкъ декъалдира цу шимма. Дерриг а халкъана Везачу Элан олаллин нур гучуделира.
Выбор основного перевода