Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шайн доьзалшка хьаьжжина, ткъа шо а, цул лакхара а хан а йолуш, Исраилан эскарехь гІуллакх дан мегаш болчу исраилхойн а динера хьесап. Тохара хьалха Синай яьссачу арахь Мусас а, динан дас АхІарона а дагардинчарах цхьа а адам хІинца дагардинчу халкъана юкъахь дацара. Амма царах дукхахболчарна Дела реза ца хилла, церан декъий яьссачу аренгахула дІасадаржийна хилла. Инкарлонаш йинчу царах цхьаболчарах ма тарлолаш – уьш мулкалмото хІаллак ма бина. Хьанна оьгІазвахана вара Дела шовзткъа шарахь? Къинош а летийна, яьссачу арахь шайн даьІахкаш охьаехкинчарна ваханерий те Иза оьгІаз? Шуна иза хууш делахь а, шуна дагадаийта лаьа суна, Везачу Эло Мисар-махкара Шен халкъ арадаккхар а, амма тІаьхьо халкъана юкъара Шех цатешнарш хІаллакбар а.
Выбор основного перевода