Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Лаьтте хьовса баханчу нахана юкъарчу Нунин кІанта ЮшаІа а, Епунин кІанта Килаба а шайн бедарш этІийра. Цара элира цигахь гулбеллачу берриге а нахе: «Тхо хьовсуш чекхдевлла латта вуно чІогІа хаза ду. Нагахь Веза Эла вайна реза велахь, Цо и латта вайна схьалур ду. Шуьрех а, мазах а дуьзна токхе латта ду иза. Амма Везачу Элана дуьхьал ма довла. Цу махкахь Іачу халкъах а ма кхера, цунах вайна ижу хир ю. Уьш ларбан цхьа а вац, ткъа вайца Веза Эла ву. Ма кхера царах!» Кхеназхо волчу Епунин кІантана Килабана а, Нунин кІантана ЮшаІна а бен гур дац и латта, хІунда аьлча уьш Везачу Элана кхоччуш тешаме бисира“. И латта Епунин кІант волчу Килабана бен гур дац. Иза лелла латта Ас цунна дІалур ду, цунна а, цуьнан кІенташна а, иза кхоччуш Веза Эла волчу Суна тІаьхьа хІоттарна“. ЯхІудан тІаьхьенах болу нах баьхкира Галгале ЮшаІ волчу. Епунин кІанта Килаба, кхеназхочо, элира цуьнга: «Хьуна хаьа Везачу Эло Делан стаг волчу Мусага Кхадеш-БарнаьІахь хьох а, сох а лаьцна аьлларг. Сан шовзткъа шо дара, Везачу Элан ялхочо Мусас Кхадеш-БарнаьІара со лаьтте хьажа вохуьйтучу хенахь. Аса, юха а веана, сайна хеташ дерг дІадийцира цуьнга. Соьца баьхкинчу вежарша нехан дегнашка кхерам тесира, ткъа со сайн Везачу Дала бохучунна тІера ца велира. Цу дийнахь Мусас чІагІо йира суна: „Хьан ког тІебаьлла латта хьан а, хьан берийн а дакъа хир ду гуттаренна а, хІунда аьлча сан Везачу Дала бохучунна тІера ца вели хьо“, – аьлла. Иштта Везачу Эло дийна витина со, Цо Ша ма-аллара. Шовзткъе пхи шо ма даьлла Везачу Эло Мусага и дош аьллачул тІаьхьа. Цу хенахь исраилхой яьссачу аренгахула лелаш бара. Хьажал соьга! ХІинца сан дезткъе пхи шо ду. Хьалха Мусас со вохуьйтучу хенахь санна, хІинца а гІора долуш ву со. ХІетахь хилла ницкъ бу соьгахь хІинца а тІом бан а, кхин гІуллакх дан а. Ткъа хІинца Везачу Эло цу дийнахь суна лур ю аьлла йолу акъареш схьало. Хьуна хезира хІетахь, цигахь Іаш Іаьнакхан кІентий бу, церан гІаланаш яккхий а, чІагІйина а ю аьлла. Амма Везачу Эло гІо а дина, ас арабаха мега уьш, Везачу Эло ма-аллара». Везачу Эле Епунин кІант Килаб декъалвар а дехна, Килабе дола дайта Хьеврон-гІала дІаелира ЮшаІа. Хьеврон хІинца а кхеназхо волчу Епунин кІентан Килабан тІаьхьенна дакъа хилла йисна, хІунда аьлча иза исраилхойн Везачу Дала бохучунна тІера ца ваьллера. Хьевронан цІе хьалха Кхиръят-АрбаІ хилла. (АрбаІ цІе йолуш Іаьнакхахойн тІаьхьенашна юкъахь цхьа сийлахь стаг хилла.) Цул тІаьхьа тІамах садаьІира лаьтто.
Выбор основного перевода