Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло тІедиллина ма-хиллара, шаьш Паран цІе йолчу яьссачу арахь долуш Мусас нах бахийтира цу лаьтте хьовса. Уьш берриш а исраилхошна юкъахь коьртанаш бара. Церан цІераш хІорш яра: Раабанан тІаьхьенах волу Закхуран кІант ШамуІ, ШимІин тІаьхьенах волу Хьорин кІант Шапти, ЯхІудан тІаьхьенах волу Епунин кІант Килаб, Иссарханан тІаьхьенах волу Юсупан кІант ИгІал, Эпрайман тІаьхьенах волу Нунин кІант ХІушаІ, Бен-Яманан тІаьхьенах волу Рапун кІант Палти, Забулан тІаьхьенах волу Содин кІант Гадиал, Маннашан тІаьхьенах волчу Юсупан тайпанах волу Сосин кІант Гади, Данан тІаьхьенах волу Гималин кІант Іамиал, Ашаран тІаьхьенах волу Микаалан кІант Сатур, Напталан тІаьхьенах волу Вопсин кІант Нахьби, Гадин тІаьхьенах волу Макин кІант Гауал. Ткъа цуьнца баханчара бохура: «Цу халкъана дуьхьалдовлалур дац вай, хІунда аьлча иза вайл ницкъ болуш ду!» Амма царах дукхахболчарна Дела реза ца хилла, церан декъий яьссачу аренгахула дІасадаржийна хилла. Инкарлонаш йинчу царах цхьаболчарах ма тарлолаш – уьш мулкалмото хІаллак ма бина. Шуна иза хууш делахь а, шуна дагадаийта лаьа суна, Везачу Эло Мисар-махкара Шен халкъ арадаккхар а, амма тІаьхьо халкъана юкъара Шех цатешнарш хІаллакбар а.
Выбор основного перевода