Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3
Параллельные места
Хьайн дагахь ахь бохура: „Стигала хьала а ваьлла, Делан седанел а лакхадоккхур ду ас сайн гІант, къилбаседанан йистехь болчу деланийн кхеташонан ломана тІехь охьахуур ву со. Декъаза ву шен паччахьан цІенош хьарамлонца дийриг, цІенойн лакхара чоьнаш харцонца йийриг, шен махкахошка маьхза къахьоьгуьйтург, цара бинчу балхана алапа ца лург. Кхидолчу къаьмнашна кхерам тийсарх а, хьайн деган кураллах а хьо Іеха ма делла. Тархийн чІажашкахь а, лаьмнийн баххьашна тІехь а хьо Іаш ду, амма хьан цІенош аьрзунийн бенашка кхоччуш лекха хилча а, цигара дІа а хьо охьадуссуьйтур дара Аса», – боху Везачу Эло. Мехкан куьйгалхой ижу дІасаийзош йолчу берзалойх тера бу. Нехан цІий а Іенош, уьш байъа а бойъуш, шайна са лоьху цара.
Выбор основного перевода