Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3
Параллельные места
Ахьа эдомхошна тІехь толам баьккхина. Ткъа хІинца айхьа и толам баьккхина аьлла, хьан дог курадаьлла. Хьайн кураллаш а еш, цІахь Іе хьо. Хьайна бохам хІунда лоьху те ахьа? ТІаккха хьо а хІаллаквийр вара, хьоьца ЯхІуд-мохк а хІаллакбийр бара». ЧагІаро бага лен йоккху, къаьркъано мотт галбоккху. Цара тилийна мел верг хьекъал доцуш ву. Кхечу нахах кхаьрдарг кура а, ша лакхара хеташ а ву. Доза доцуш долчу кураллица лелаш ву цу тайпана стаг. ЦІубдаран ши йоІ ю, цара гуттар а боху: «Схьало, схьало, схьало». Кхо хІума ду, цкъа а дузур доцуш, «Тоьар ду!» цкъа а эр доцу диъ хІума ду: Иза адаман каш а ду, бер ца хуьлу зуда а ю, догІа даре сатуьйсуш долу дакъаделла латта а, иштта йогуш йолу цІе а ю, цкъа а «тоьар ду» эр доцуш йолу. Эхарто, шор а делла, барам боцуш шен бага гІаттор ю. Халкъан баьччанаш а, кхиберш а, церан гІовгІа а, дерриг а самукъадоккхург а цу чу охьадуссур ду. Аса массо а къилбаседехьара къаьмнаш а, Сан лай волу бавелхойн паччахь Набухди-Нецар а схьавалор ву. Аса уьш хІокху махкана а, мехкан бахархошна а, цунна гонах мел долчу къаьмнашна а дуьхьалбохур бу. Аса кхоччуш хІаллакбийр бу уьш, царах гуттаренна а къапалгаш а еш. Уьш къемате а хир бу, царах кхаьрдар а бу. Хьо ву паччахь, паччахьийн а паччахь, стигалшкара Дала паччахьалла а, олалла а, ницкъ а, сийлалла а делла волу. Цо делла хьан кара массо а адамаш, уьш миччанхьа дехаш делахь а, лаьттан дийнаташ, стигалшкара олхазарш, хьо царна тІехь олахо а вина Цо. И дашо корта – хьо ву!
Выбор основного перевода