Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3
Параллельные места
Исраилан халкъан Везачу Далла соьга элира: «Сан карара хІара оьгІазаллин чагІар чохь долу кад дІа а эций, Аса хьо вохуьйтучу меттехь дехаш долчу массо а халкъашка цу чуьра малийта. ТІаккха Везачу Эло соьга элира: «ДІаала цаьрга иштта: „Исраилан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло боху: Сан оьгІазаллин кедара дІа а молуш, даха а дехаш, схьаІеттаде, тІаккха охьа а эгий, кхин хьала а ма гІитта, шайна Аса даийтина долу тур бахьана долуш“. qac Цqac*хьаьна а кхетий, хазахетарца самукъадаккха хьайна ІуцІа-махкахь дехаш долу Эдоман халкъ! Амма хаалахь, и къаьхьа кад хьуна а тІекхочур буйла, тІаккха, даха а дехна, хьо а дерзинадер дуйла. «ХІинца Со ву хьуна дуьхьалваьлла! – боху Везачу Эло. – Ас хьан бедаран юх хьан юьхь тІе озор ю. Ас халкъашна хьан ерзина ялар, ткъа пачхьалкхашна хьан сий дайна хилар дІагойтур ду. Ас боьха дерш тІекхуьйсур ду хьуна, хьох Сан дог мел далар а гойтуш, Ас нах кхардийта дІахІоттор ю хьо. Ахь дагалаьцначу хІуманаша хьан цІийнан сий дайина. Дукха халкъаш хІаллакдарца хьайн синна къилахь дерг лелийна ахь.
Выбор основного перевода