Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3
Параллельные места
Ткъа церан деланаш детих а, деших а бина бу, уьш адамийн куьйгашца бина болу цІуш бу. Царах терра хир бу уьш беш берш а, царах тешна Іаш верг муьлхха а. Амма цІунех тешна Іаш берш, цІушка: „Шу тхан деланаш ду“ бохурш, юхабоьрзур бу, доккха эхь тІе а деана». Шена цхьа а пайда ца бахьан волу дела хьан вийр ву лалийна воьттинчу цІунах? Цаьрга дечиган гериге: „Хьо сан да ву“ алалур ду, ткъа тІулге а алалур ду: „Ахьа со вина“, хІунда аьлча цара Суна шайн юьхьан метта букъ берзийна. Ткъа шайна бохам тІебеача, цара бохур ду: „Тхо кІелхьардахахьа!“ ТІаккха Ас шуьга эр ду: „Мичахь бу ахьа хьайна бина болу деланаш?“ Хьо баланашкахь долчу хенахь цаьрга, схьа а баьхкина, даккхийта хьо кІелхьар, хІунда аьлча хІора хьайн гІалин цІарах цхьацца дела ву хьан, ЯхІудан халкъ. Уьш массо а кхетам боцуш а, сонта а бу. Церан хьекъалалла эрна ду, дечигах йинчу цІушкара иза схьадаларна. ХІора стаг сонта а, хьекъал доцуш а ву. ХІора куьпчи ша винчу цІуно юьхьІаьржачу хІоттаво. Цо лалийна суьрташ харцдерг бен дац, церан кийрахь Іаь а, са а дац. ЦІуша зулам дуьйцу, пал туьйсучарна харцдерг а го, цара эрна гІенаш а дуьйцу, даьссачух синтем а бо. Цу бахьанина нах, уьстагІий санна, тилабелла лела. Царна гІело а йо, царна тІехь Іу воцу дела. Шуна хаьа, шу Делах ца тешаш хиллачу хенахь, мотт ца хуучу цІуша, шайгахьа а дерзош, тилийна лелийнийла.
Выбор основного перевода