Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3
Параллельные места
Къа ду шун, цІенна тІе цІа а, аренна тІе аре а оьцучеран. Кхечарна меттиг ца юьту аша, шаьш бен хІокху лаьтта тІехь доцуш санна. Везачу Элан оьгІазло бахьана долуш, цхьа а стаг Бавелехь вехаш хир вац, ерриг а и меттиг яссалур ю. ГІалина уллохула тІех мел волучо, инзар а ваьлла, шок еттар ю, цунна мел бина бохамаш шена гича. я къечунна гІело еш, цуьнгара хІума цо схьаяккхахь, я декхар оьцуш закъалтана елла хІума дІа ца лахь, иза цІушна Іамал еш лелахь, иштта кхидолу дегаза хІуманаш цо леладахь, Закъалт а делла, схьаэцна йолу бедарш тІе а юхий, Іохку уьш сагІанаш дохучу муьлххачу а меттехь. Шаьш гІуда тоьхна болчу нахера схьаэцна долу чагІар муьйлу цара шайн Делан цІа чохь. Оцу дийнахь шух лаьцна тийжамаш бийр бу, шийлачу маьхьаршца белхарш дийр ду. Цара бохур ду: „Тхо кхоччуш дохийна! Везачу Эло сан халкъан дакъа кхечарна дІаделла. Иза соьгара схьадаьккхина ма ду! Тхан аренаш а тхуна талор динчу хийрачу нахана дІасаекъна Цо“». «Декъаза ву цІий тІехь гІала хІоттош верг, харцдолчуьнца чІагІонаш дІахІиттош верг!» Везачу Элан Малико элира: «Массо а ницкъийн Веза Эла! Мел Іийр ву те Хьо оьгІазвахана, Ярушалайм-гІаланах а, ЯхІуд-мехкан гІаланех а къинхетам ца беш, Ахь царна таІзар дина кхузткъе итт шо даьллашехь?» Шайн хьал совдаккха луурш зуьйш ма бу. Дукха сонтачу а, зуламечу а лаамийн речІано лоцу уьш. Оцу хІуманаша уьш дакъаза а боху, хІаллак а бо.
Выбор основного перевода